День Чеченского Языка

25.04.2020

@i.baysultanov_95• • • • • •Ассаламу ӏалайкум.Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Хьомсара махкахой!Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон белхалойн цIарах а, сайн цIарах а, аса даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!Вайна ма-хаъара хIора а шарахь, оханан беттан 25-чу дийнахь, даздеш ду Нохчийн меттан Де. И даздаран а, цуьнан сий дар а коьрта ӏалашо ю вайн тӏекхуьучу кегийрхойн ненан матте болу безам кхиор а, царна маттаца доьзна долу гIиллакхаш довзийтар а.Нохчийн меттан Де билгалдаьккхина шен омраца 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана @za_kadyrova_95engИштта лаккхара терго яра бахьана долуш, вайн махкахь мотт кхиорехь хIора дийнахь боккха болх бу дIахьош. Тахана вайн школашкахь, берийн бошмашкахь къаьсттина тидаме лаьцна ду ненан маттаца долу берийн гергарло чIагIдар.Нохчийн Республикин Дуьхьарлерчу Паччахьо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (ДАЛА гIазот къобал дойла цуьнан!), меттан хьокъехь аьлла дешнаш: «Мотт ца хилча - къам дац!». Оцу дешнаша вайн Даймехкан машаре новкъахь сийлахь меттиг дIа а лаьцна, ненан маттаца бен къоман тIаьхье ца хилар хаийтира.Иштта тахана дIахьош бу вайн мехкан говзанчаша, Iилманчаша, яздархоша хьехархоша мотт кхиорехь жигара болх. Вайн декхар ду тIекхуьуш болчу кегирхошна ненан маттаца доьзна долу оьзда гIиллакхаш довзуьйтуш, мотт безар а, ларар а, Iалашбар а гойтуш, церан уьйьр чIагIъеш къахьегар.Дала декъала дойла вай хIокху дезачу денца!Дала тIаьхье беркате йойла!